«Нохчийн меттан хазалла!».
25.04.201725 апрелехь Нохчийн Республикан Ахьмад-Хьажи Кадыровн ц1арахчу Сийлаллин х1олламан музейхь д1адаьхьира Нохчийн метта денна лерина цхьанакхетар. Кхузахь жам1аш дира оцу денна лерина дешархошна юкъахь кхайкхийначу литературин къийсамна. Школийн дешархоша сочинени язъян езара «Ахьмад – Хьажи Кадыров – къоман баьчча» аьлла ц1е йолчу темехь.
1-ра меттиг яьккхира Гуьмсан к1оштан Бильтой-Юьртан юккъардешаран ишколан 3-чу классан дешархочо Аласханова Айдинас а, Грозни-г1алин №4 йолчу гимназин 8 «Б» классан дешархочо Эвзиева Хедас а, Грозный-г1алин №18 йолчу юкъардешаран ишколан 7 «Д» классан дешархочо Шовхалов Жабраила а.
2-г1а меттиг яьккхира Грозный-г1алин №4 йолчу гимназин 4 «Б» классан дешархочо Газиев Денис а, Грозный-г1алин №106 йолчу юкъардешаран ишколан 4 «А» классан дешархочо Мадагова Миланас а, Грозный-г1алин №4 йолчу гимназин 5 «А» классан дешархочо Махамханова Алинас а.
Цхьанакхетар д1адаьхьира Нохчийн меттан сийлалла хазалла, ненан мотт хааран мехалалла юьйцуш видеороликаш гайтарца, нохчийн поэтийн байташ а йийшира. Цхьанакхетар дерзош толам баьккхинчу кьийсаман декъашхошна а, хьешашна а мехала совг1аташ дира. Хьешийн ц1арах даггара баркалла олуш, лакхара мах хадош бинчу белхан Нохчийн Республикан Ахьмад-Хьажи Кадыровн ц1арахчу Сийлаллин х1олламан белхалошна а, дешархошна а, хьехархошна а баркалла элира Вагапова Асета.